Нохчийн къоман хаза г1иллакхаш.

25.11.2022
Халкъалахь олуш ду: нагахь санна хьан 1алашо шерашна лерина елахь,к1а де,иттаннаш шерашна леринехь,синтарш дег1а ,б1еннаш шерашна лерина елахь,бераш кхиаде.Вайна хьалха лаьтта коьрта декхар-т1екхуьуш йолу т1аьхье дайн ламасташ лардеш,оьзда,г1иллакхе ийманехь йолуш кхиор.Оцу 1алашонца д1ахьош бу 1алхан -Г1алара лоьмар 1 йолчу берийн бешахь кхиорхоша берашца беш болу болх. Тахана «Ромашки» ц1е йолчу лакхарчу тобанца оцу 1алашонца суртх1отторан кепехь кхиорхоша берашна дайн хаза г1иллакхаш довзуьйтуш кийсакаш х1иттош,шира аларш ,дагардарш,чехкааларшца метан хазалла гойтуш болх д1абахьара.